Дагестанхойн йишлакхархочунна Магомедова Хадижина тIаьхьаваьлла стаг лаца аьлла, кхеле дехар ца дина талламо. Цуьнан цIа чу а ваьлла, артистана тIелеттачул тIаьхьа иза бехкевира йуьйр йу ша бохуш, цунна кхерамаш тийсарна. Амма гIуллакх толлучу йукъанна иза маьрша витира. Магомедовас дIахьедина, шена иза бале валарна кхоьруш йу ша аьлла.
"Со йийна хила йезаш йара-те, иза чу воллийта? Муха мегар дара иза дIахеца? Ши шо а ма ду и стаг суна тIаьхьаваьлла лела", - дийцина йишлакхархочо шен...