Кху шеран зерашца, Къилбаседа Кавказан мехкаш аутсайдерш хилла туьканашкахь узуш оьшург эцарх хIоттийначу статистикехь. Уггар а кIезиг ахча дойъу ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бахархоша. Къаьсттина кега-мерса харжаш йечу республикашлахь нисйелла ишта Нохчийчоь.
Росстатан жамIаш тIехь таллам бина пачхьалкхан "Риа Рейтинг" агенталло. Билгалдаьлла, кху шеран гIуран-баттера стигалкъекъа-батте кхаччалц терзи тIехь узуш йухкучу хIуманах хуьлу пайда пачхьалкхан йоллу регионашлахь,...